» Статистика
Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Классни сахьт (классный час на чеченском языке)
19.05.2012, 10:50
Классни сахьт Чулацам: Адамийн бакъонех дешархой кхиор. 1алашо: Дешархошна шайн декхарш довзийтар а, бакъонаш хаийтар а, низамца къепехь шайн сий лардар а, айбар а дезаш кхиор. Муьлххачу а пачхьалкхан коьрта закон - конституци. Адамийн бакъонаш. 1.Язйинарш 1.Декхар – обязанность 2. Ца язйинарш 2. Бакъо – право 3. Фольклорехь 3. Къепе - порядок 4. Яздархойн кхоллараллехь 4. Низам - дисциплина 5. Законехь 5. Сий - честь,уважение, почет Хьалхара дош. Тахана вай шуна довзуьйтур ду адамийн декхарш, бакъонаш. Дуьйцур ду къепе, низам, сий х1ун ю а. Оцу хьокъехь вайн накъосташа г1еххьа кечам а бина, х1окхара вайна и дика дуьйцур а ду, асачул-м муххале а. I. Декхар - обязанность. 1. Кхочушдан дезарг х1ун ду? - Декхар ду. 2. Бакъ декхар муьлха ду? - Ирсе хилар. 3. Стеган боккъалла долу декхар муьлха ду? – Шен 1алашо вайн лолла доцург. 4. Декхаро х1ун т1едожадо? - Нийса, ц1ена дерг дар. 5. Стеган уггар хьалхара декхар? - Ша шена ирсе вар. 6. Адамийн декхарех коьртаниг? - Дашехь, г1иллакхехь бакъ хилар, осала цахилар. 7. Бохам баьллехь а бехке мила ца лору? - Шен декхар кхочушдинарг.8. Адамийн декхарш маса ду? - 1) шен декхарш;
2) доьзалан декхарш; 3) пачхьалкхан декхарш; 4) кхин долчу адамийн декхарш. II. Бакъо - право. 9. Бакъо стенна кхоьллина? - Ницкъ болчуьнга х1уъа а ца дайта. 10. Бакъонна, эхь-бехкана юккъехь х1ун башхо ю? - Бакъоно цадоьхкург эхь- бехко доьхкуш а нисло. 11. Бакъонна муьт1ахь х1унда хила веза? – Мелла а маьрша хилархьама. 12. Мел беза хиларх лело атта мохь х1ун лерина? -Бакъо лерина. 13. Тешаме герз х1ун лерина? - Бакъо. 14. Боккха ницкъ х1ун лерина? - Бакъо. 15. Сийлаллин дарж х1ун лерина? - Бакъо. 16. Деган марзо х1ун лерина? - Бакъо. 17. Хьекъалан серло х1ун лерина? - Бакъо. 18. Бакъонаш цхьатера хилар адамашна стена оьшу? - Адамаш шаьш цхьатера цахиларна: хьекъална, хьолана, г1оранна. 19. Дукха хьолахь бакъдерг эшор х1ун ду? - Харцонан дай ч1ог1а хилар доцуш, бакълуьйраш сиха, барт боцуш хилар ду. 20. Бакъоне, бакъонан хьостане муха кхочу? - 1илманца, дахар талларехула. 21. Нуьцкъаца шайн бакъонаш д1аяьхначул ч1ог1а оьг1аз маца доьлху адамаш? - Оцу шайн бакъонашна эшам бича. 22. Декхарш маца жимло? -Бакъонаш сов мел евлий а. III. Къепе - порядок «Адам, нагахь цунна шех адам хила лаахь, къепе дало-дерзо деза», синан хьекъалчаша. 23. Къепе х1ун ю? - Дахаран г1ортор ю. 24. Къепе х1ун ю? - Цхьаболчу вешан лаамашкахь юкъара мехалла хилийта хьажар. IV. Низам - дисциплина 25. Низам маца духу? - Хьаькамаш дукха хилча. 26. Пачхьалкхан низам муха кхоьллина? -Дешица, кураллица, ницкъаца хьакхийна. 27. Дуьззина низам маса декъах лаьтта? - Пхеа декъах: 1. Оьздангалла - этика 2. Юьхьтам - приличие 3. Ларам - почитание 4. Лелар - поведение 5. Синц1еналла - чистота души. 28. Муьлххачу а белхан коьрта хьал х1ун ду? - Кхетаме низам. 29. Кхетаме низам (сознательная дисциплина) х1ун ю? -Даима а кхиам бу (постоянный успех) . V. Сий -честь 30. Нохчийн турпалхойн баьчча хиллачу Мадин Жаьммирзин хьехам –весет: Тешаме дика к1ант юьртан куралла лоруш, иман долу жима зуда, г1иллакхе оьзда йо1 деган синкъерам а хеташ, яхь йолуш баьхначу нохчийн оьздачу к1ентийн сий лахдан мегар дац к1айдарг а йина. 31. Сий х1ун ю? – Дикачу адамаша бертахь хестор. 32. Сийлаллин даржашка муха кхочу? – Лаамийн Эла а, эхь-бехкан лай а хилча. 33. Сийлахь стаг муха хуьлу? -Халкъанаш бен шен синхаамаш боцуш. 34. Баккъалла сийлахь мила ву? – Делах ч1ог1а кхоьрург. 35. Сий маца дуьйна лардан деза? – Жимчохь дуьйна. Дерзоран дош. Сайн хьалхарчу дашехь ас элира, х1окхара г1еххьа кечам бина аьлла. Х1окхара-м г1еххьа кечам бина ца 1аш, дика кечам бина хилла. Цундела х1окхарна баркалла ала дог1у. Тахана х1окхара вайна довзийти вайн декхарш, вешан х1ун бакъонаш ю а хии вайна. Къепе х1ун ю а, низам муха хила деза а хии вайна. Сийлаллин хьал а девзи вайна. Оцу дерригенах а пайда хир бу а аьлла хета. Дела реза хуьлда массарна а. Дала т1аьхье беркате йойла!
Категория: Чеченский язык и литература |
Просмотров: 6534
| Рейтинг: 3.9 /7
Похожие материалы:
Добавлять комментарии могут только зарегистрированные пользователи.
[
Регистрация |
Вход ]
» Горячая линия
СТАРОГЛАДОВСКАЯ СОШ телефон директора
89298986926 Служба психологической помощи для детей и подростков 8 8712 44-22-22